Лераме Мехк-Да Ахьмад-Хаьжин Рамзан, махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

Лераме Мехк-Да Ахьмад-Хаьжин Рамзан, махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

Ненан мотт а, вайн къоман синмехаллаш а Iалашйарехь мехала гIулч йара 2007-чу шарахь Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Нохчийн Меттан де даздарна лерина Указана куьг йаздар!

17 шо гергга йолчу заманахь вайн махкахь  ненан мотт Iалашбарна лерина алссам болх дIабаьхьна. Цу Iалашонца Нохчийн меттан шо, аьлла дIакхайкхина дара НР-н Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана 2023 шо. Цунна тIедоьгIна вайн махкахь кхин а жигара баьккхина ненан мотт кхиорехь дIахьош болу болх.

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас  (Дала гIазот къобалдойла Цуьнан) леринчу тидамехь латтийна нохчийн мотт а, оьздангалла ларъйаран, иза кхиоран а, тIекхуьучу чкъорана марзъйаран а Iалашонаш. Таханлерачу дийнахь вайн махкахь цунна лерина кхоьллина мел оьшуш долу хьелаш ду, ткъа и деборехь хадданза дIахьош болх бу.

ХIора а нохчочунна къасттина мехала долчу кху дийнахь кхин цкъа а даггара баркалла ала лаьа Ахьмад-Хаьаьжин Рамзанана! Тхан Лераме Мехк-Да! Ненан матто къоман дахарехь дIалоцуш йолу меттиг билгал а йина, цуьнан мехалалла лаккхайоккхуш къахьегарехь Дала аьтто бойла Хьан! Теша лаьа, тIекхуьучу чкъоро нохчийн мотт ларбеш, шо шаре мел долу и беркате болх жигара боккхуш дIахьориг хиларх.

ДАЛА вайн мотт бийца а, баржо а, тIаьхьенашна марзбан а аьтто бойла вайн!

Кхин цкъа а, даггара декъалдо шу Нохчинй Меттан денца!

Поделиться этой записью